Оьрсийчохь кхин регион хир яц, Нохчийчоьнан санна, дуьненаюкъарчу политиках дIахьедарш дан бакъо йолуш. ХIинца рогIераниг дина меттигерчу Iедалан дас Кадыров Рамзана. Цо хаам бина шаьш Шемарчу Iедалан эскархой тIом бан Нохчийчохь Iамо кийча ду, аьлла.
Доьзалехь къизаллаш лелор шуьйра даьржина Нохчийчохь. Къаьсттина иза хьакхалуш ду, бухахь бераш а долуш, маре динчу зударех. Иштта, рогIера дестечо шина берана къиза йиттина Шелан кIоштахь.
Оршотдийнахь 24 шо кхаьчна хIирийн-гIалгIайн конфликт аьлла цIе тиллинчу тIеман девнан. И дагалоцуш цхьанакхетарш дIадаьхьира шинна а махкахь.
Дуккха а хан ю нохчийн альпинистийн тобано, кху дуьненахь уггаре а лекха Эверест лам баккха кечамаш бен. ХIинца шаьш цунна кийча ду боху цара. Амма шайн и лаам кхочуш маца хир бу ала ца хIутту уьш.
Нохчийн къоман иллиалархо Дагаев Валид кхелхина шен 76-гIа шо долалуш. Цуьнан кхолларалло шен къоман хазанашка безам латтабора массо а нохчашкахь. Цундела халахетарца тIеэцна и шийла кхаъ массара а.
Гуьржийчохь бехачу кистойн а, бацойн а ламасташ а, дахар а теллина цIайирзина кху деношкахь Нохчийчура Iилманан экспедици.
Нохчийчохь хьалхара тIом берзош Хасу-Юьртахь нохчийн эскарийн баьччас Масхадов Аслана а, Кремлан векало Лебедь Александра а машаран кехат тIечIагIдина 20 шо кхаьчна.
Марсхьокху-беттан 30-гIа де тIепаза байначийн дуьненаюкъара де ду. Маса стаг ву дуьненахь вайна ларалуш билггал хууш дац. Амма наггахь бен доьзал хир бац Нохчийчохь чуьра стаг доьза вайна. Iедало бицбинехь а, тахана а сатуьйсу цаьрга дайша-наноша.
Нохчийн иллиалархо Аюбов Вахьидан кхалхар дагах ца кхеттарг хир а вац. Шен доцачу дахарехь дика лар йита кхиина иза.
Шайн амалца а, цIийца а даима маьрша хиллачу нохчаша заманан керла ламасташ атта тIе ца оьцу. Масала, тIаьххьарчу шерашкахь махкара зударийй къовлабалар массарна а товш ламаст дац.
ГIалгIазкхийн могIанаш дузуш ду меттигерчу гIалгIайх. Тахана 300 орсий бен вац цу тобанехь, ткъа царех дIакхета луу гIалгIай эзарнашкахь бу.
Нохчийн къоман орам ларалучу Нашхахь бенойн гIала х1отто йолийна махкарчу Iедало
20 кхаьчна Оьрсийчоьнца боьдучу тIеман хатI, хIуьйцуш, Кремл шен ницкъаш юха а баьхна, Нохчийчоь маьрша йита декхарееш, Ичкерин эскарша Соьлж-ГIала мукъаяьккхина.
Масех де ду нохчийн историк-талламхо кхетамах тиллачийн цIийне хьажийна, цу чохь латтаво. Йохьанца баттана аьлла ду, Нохчийчурчу кхело бинчу сацамца. Ризван вевзучу нахана халонга даьлла иза, иштта таIзаран кIела вахийтирах.
Тахана а яц Сталинан депортацино вайнахана йина хьу йирзина. Махкахдаьхна къаьмнаш къинтIера ца дахарра-м ца дуьйцу цхьаммо а, ур-аттала лур ю баьхна компенсацеш ца елира, юха ца дерзийра махка юхабирзинчех дуккхаъчарна цIенош. Тахана а лаьтта хIетахьлерчу харцонан зов Нохчийчохь.
Гергарчу шерашкахь Нохчийчохь ерриг а хьал долуш а, тоъал рицкъ кхиош а, Iедална ял луш а хила еза, дIакхайкхийна мехкан куьйгалхочун декхарш дечу Кадыров Рамзана.
Бозбончаллашца нахера миллионашкахь ахча гулдина оьрси лаьцна Нохчийчохь
Полисхошкара дуьйлучу зуламашна, герз а карахь дуьхьалбевлла, гIаттам эккхийтинчу «приморьерчу партизанех» цхьаберш кхело дIахецна
Банкера 12 миллион сом ахча даьхьна аьлла бехкевина лаьцна ГIалгIайчоьнан вахархо Далиев Мохьмад полисхоша йиттина вийна бохуш дуьйцу оцу махкарчу бакъонашларъярхоша.
Итанбулера дуьненаюкъарчу аэропортехь дина зулам кечдинарг лоруш ву нохчийн къомах волу Чатаев Ахьмад. Амма иза террорхо хиларан далош дац цхьа а тоьшалла. Ткъа Чатаев вевзачу наха чIагIдо иза эладит ду Оьрсийчоьнан зорбанан гIирсаша леррина кхоьллина долу бохуш. ТIехула тIе уьш тешац Чатаев оьрсийн, я гуьржийн, я ДАIИШ-ан агент ву бохучух.
Хьажа кхин дIа а