Кан-Калик, Бислиев верца доладелира дерриг а...

Your browser doesn’t support HTML5

Тоьлла ши интеллигент вийра хIетахь Нохчийчохь...

1991 шарахь, Нохчийчоь егош яра хуьлучу хийцамех. Юккъараллин цхьа дакъа шовкъе даханера шайга кхача тарлучу маршонах. Кхечу декъанна, хIумма а диканиг хир ду аьлла а ца хетара, оцу хийцамех.

Оцу юккъехула Нохчийчохь сихонца шийла кхаъ баьржира, университетан ректор Кан-Калик Виктор лачкъийна, иза лачкъа ца вайта дуьхьалваьлла проректор Бислиев Iабдул-Хьамид вийна, аьлла.

Дерриг а хиллера университетан коьрта корпусна хьалха. Сарахь цIаваха араваьлла ректор Кан-Калик, герзхоша тIе а бевда, шайн машена чу хаон гIерташ гина, цунна тIаьхьа, жимма хьевелла араволучу Бислиев Iабдул-Хьамидна.

Иза сихонца тIе а ведда, накъост кIелхьарваккха гIоьртина. ХIара къарвала дагахь воцийла гича, цунна маса топ а тоьхна, лачкъийна ректор а эцна, дIабахнера зуламхой.

И де тахана санна дагадогIу Бислиев Iабдул-Хьамидца доттагIалла лелийначу Дадашев Райкомна.

Дадашев: «Оцу дийнахь со Iабдул-Хьамид волчохь, балха тIехь дуккха а къамелаш деш Iийра. Иза митингехь къамел а дина, чувеана а дукха хан яцара. Цигахь цо машаре кхайкхамаш бинера. Тхойшиъ къамел деш Iаш, Абхазера делегаци еъна аьлла хаам бира цуьнан секретара. Со чукхаьчча ах сахьт даьлча, соьга телефон туьхира, Кан-Калик дIаваьхьна, Iабдул-Хьамид вийна, аьлла. Со дарбан хIусаме вахара. ЦIий дукха дIаихина, иштта бакъ дуьнене дIавахара-кх Iабдул-Хьамид».

Лачкъийначу ректоран дакъа карийра 5 бутт баьлча Грозный кIоштахь. Иза ву аьлла даре а дина, цуьнан гергарчу наха дIаволлийтира иза Москохахь кешнашкахь. Ша ректоран дарже хIоттийча дуьйна дуккха а хиийцамаш бинера цо университетехь, керла ялх факультет йиллинера , Дадашев Райкома дийцарехь.

Дадашев: «Кан-Калик ша адамашца тарлуш стаг вара. Цхьанна а стагана новкъа вацара. Дуьйцу, кхаьънаш ца эцийта дуьхьалваьлла хилла бохуш. Иза шега далур доцийла иза кхетара.

Ша иза цхьа а гIаралхо а воцуш лелара. Со цуьнан цIахь а хилла Первомайски урамехь. Чуволучохь шайна луург дан йиш яра цунна зуламхойн. Ткъа нахана юккъехь, хьехархошка а, студенташка а маьхьарий а боьттуьйтуш дира и зулам. Иза динера, хьовсал, хIорш ю-кх хIорш и акхарой, аьлла йина цхьа политикан акци яра иза».

Бислиев Iабдул-Хьамид а, Кан-Калик Виктор а веро Нохчийчоь юьхьIаьржа хIоттийна ца Iаш, шен вон тIаьхье хир юйла оцу заманан, боху Дадашев Райкома.

Дадашев: «Нахана а, вайга ладугIучарна а хаийта лаьа суна. Университет йохийна яц. Иза ягна ю, бух тIера дуьйна, юхайина вай иза. Кегаренаш ца хиллехьара Iилманехь вай дикка гена девла хир дара аьлла хета, теша а лаьа хилла зен хенан йохалла меттахIуттур ду аьлла ».